ТIекхочийла долу линкаш

Амировс ша-шен пхенаш хедийна



ХΙинжа-ГΙалин мэр Ιаьчча юкъанна лаьцна Москох, «Лефортово» набахте дΙавигина волу Амиров СаΙид гΙоьртина ша-шен пхенаш хедон, хаам бина федералан таΙзар кхочушдаран урхалло. РИА-Новости агенталло чΙагΙдарехь, адвокат ца кхочуьйтуш хилла иза волчу массех дийнахь, оцу бахьанийца ша-шена зе дина Амировс. Амма Амировн шолгΙачу адвоката бакъ ца до журналисташа даржийнарг.

Кху беттан 1-чу дийнахь лаьцна ХΙинжа-ГΙалин мэр. Иза бехкево Дагестанехь Талламан комитетан белхахо вейтарна.
XS
SM
MD
LG