ТIекхочийла долу линкаш

Сепаратизмо зуламаш до Пакистанна



Пакистанерчу Кветта-гΙалахь университетехь бомба эккхийтарца лазийна меттигерчу мэран гΙовс Какар Мансур вийна тΙемалоша, и чувиллинчу дарбан цΙийне а баьхкина. Пакистанерчу Маршо Радион корреспонденташа хаам барехь, университетехь хиллачу эккхийтаро дΙадаьхьна 11 студентан-мехкарийн дахар, 19 лазийна.

Мэран гΙовсана дарба дечу цΙенна тΙелеташ герзахоша эккхийтинчу бомбано а чов йина цхьана меттигерчу журналистна. Кветта юкъайогΙучу Белуджистанера тΙемалой дуккха а шераш ду шайн латта пачхьалкхах дΙакъастон гΙерта.
XS
SM
MD
LG