ТIекхочийла долу линкаш

Москох мэр хила луурш бу дуккха а



Москох кхо бутт гергга хан яьлча хинболчу мэран харжамашка язлучу кандидатийн могΙарш бузуш бу. Шоьтан дийнахь харжамийн комитете шен кехаташ чуделла «Яблоко» партин лидера Митрохин Сергейс.

Иштта кандидаташла язвелла оппозицехь йолчу Парнас партин цΙарх юкъараллахо Навальный Алексей а, либерал-демократин партера Дегтярев Михаил а, «ПаргΙато» партин лидер Пеунова Светлана а. Цхьана а партехь боцчех кандидаташла язбелла рок-иллиалархо Троицкий Сергей, совдегар Карпушин Иван, кхин а массех стаг.

Амма коьрта кандидат лору политикаша, мэран дарж харжамашка доккхуш, оцу даржехь шен Ιар сацийна волу Собянин Сергей.
XS
SM
MD
LG