ТIекхочийла долу линкаш

Дуьненца юкъаметтигаш тоян дагахь ву РухIани


ГIажарийчоьнан керла хаьржинчу президенто Рухани Хьасана дIахьедар дина, шайн зарратан программах лаьцна мел а шуьйра дуьйцур ду шаьш аьлла. Амма цкъачунна уран кхиор сацо кийча дац шаьш боху цо.

Кху беттан 14-чу дийнахь ша президент хаьржинчул тIаьхьа зорбанан конференцехь вист хуьлуш Руханис билгалдаьккхира шайх тешар алсам даккха а, кхечу пачхьалкхашца доттагIаллин юкъаметтигаш дIанисъян а дагахь ду шаьш аьлла.

Оццу хенахь керла хаьржина волчу президенто емал дира ГIажарийчоьнна дуьхьал экономикан санкциш кхайкхор. Иза нийса дац цигахь дехачу халкъана гергахь бохуш вара иза.
XS
SM
MD
LG