ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

10 эскархо вийна ОвхIанистанехь


Мел лаххара а 10 эскархо вийна кху тIаьхьарчу дийнахь-бусий ОвхIанистанехь. Меттигерчу тIеман министралло бинчу хаамца? царах 5 вийна Гилменд-провинцехь, некъаца йоьллина бомба а экххийтина. Кхин а 5 эскархо вийна Бадахшан а, Кандагар а, Логар а провинцишкахь.

ОвхIанистанан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло бинчу хаамца, кху тIаьхьарчу шина дийнахь полицин ницкъаша дIаяьхьначу операцешкахь вийна 11 тIалиб. Кху кIиранах ОфхIанистанехь дIадолалуш ду цу махкахь кхерамазалла ларъяр дуьненаюкъарчу ницкъашкара меттигерчу структурашка дIадалар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG