ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Туркойчохь болх охьатаса дагахь бу дуккха а нах


Дуьхьалонан акцеш дIасалохкуш полицино тIех сов ницкъах пайда эцарна дуьхьал болх охьатасаре кхайкхина Туркойчоьнан корматалхойн берташа. Царна юкъахь бу бюджетан вовшахтохараллин а, лоьрийн а, инженерийн а берташ. Цара доьхург ду полицино ницкъ бар сацор. Франс-пресс-агенталло бинчу хаамца, Туркойн чоьхьарчу гIуллакхийн министро Гулер Муаммера дIахьедар дина, иза бакъонца дац аьлла.

Туркойчурча бакъонашлаъярхоша дийцарехь, КIирандийнахь Уьстамалахь полицино лаьцна 441 стаг. Кхин а 56 стаг лаьцна Хонкарахь. Дуьхьалонан акцеш юьйлаелла Туркойчохь ши кIира хьалха Уьстмаларчу ГIези-паркехь керла йохка-эцаран центр ярна дуьхьал нах арабовлар бахьана долуш.

Полицино тIех сов ницкъах пайда эцаро Iедалшна дуьхьал баьхна дуккха а нах. Дуьхьалонан акциш яржина ерриг а пачхьалкхехула.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG