ТIекхочийла долу линкаш

Коррупцино, шен езаро а даржах ваьккхина Чехин премьер-министр Нечас Петр


Чехийн Республика - премьер-министр Нечас Петр, ОДС партин Брнора конгрессехь дакъа лоцуш, (цунна тIехьа гуш ю Надьова Яна) Брно, 04Лах2012

Чехийн Республика - премьер-министр Нечас Петр, ОДС партин Брнора конгрессехь дакъа лоцуш, (цунна тIехьа гуш ю Надьова Яна) Брно, 04Лах2012

Коррупцица а, шпионаллица а доьзна доьзна доккха дов бахьанехь шегара пачхьалкхан премьер-министран дарж охьадиллина Чехин премьер-министро Нечас Петра. Оцу гIуллакхца боьзна лаьцна бу политикаш а, стоьлан дай а. Царна юкъахь ю премьеран администрацин куьйгалхо хилла йолу Надьова Яна а.

Чехин премьер-министран даржехь хилла волу Нечас Петр дIавала дийзира кхаьънаш эцарца а, масех стагана тIехьажар хIоттийна хиларна а, дийцарехь, шен администрацин куьйгалхочуьнца Надьова Яница юкъаметтигаш хиларна а.

ХIокху тIаьхьарчу ткъеха шарахь Чехин республикехь иккхинчух уггар доккха дов ду хIара. Цуьнца доьзна лаьцна Нечасана уллера 7 стаг. Лаьцначарна юкъахь ю, девнан коьрта декъашхо, шен белхан декхарел совъяларца а, кхаьънаш даларца а боьзна бехкаш кховдийна йолу Надьова Яна а. Талламаш дIабаьхьна Iедалийн офисашкахь, иттаннаш виллашкахь, банкехь а.

Даханчу оршот дийнахь ша шен дарж охьадилла воллу аьлла дIахьедар дира Нечаса.

Нечас: «Кхана Iедалан куьйгаллера дIаваларца доьзна дехар чулур ду аса. Суна билгалдаккха лаьа, суна сайн политикан жоьпаллех лаьцна дика хууш хилар а, цуьнан тIаьхьалонашна айса жамI дийриг хилар а.»

Прокуратуро Надьова бехке еш ю, парламентера дIавоьдург, цо кхаа депутатана пачхьалкхан компанешкахь белхаш баларна. Иштта, цуьнга бехк кховдийна, кхаа стагана тIаьхьа хIоьттина лела лерринчу ницкъийн сервис тIеозорна а.

Кхаа депутате а цхьаьна, 7 стаге цу тайппа бехкаш кховдийна. Полицино схьадаьккхина масех миллион доллар барамехь ахча а, иттаннаш кийланаш деши а.

Оцу девнан кхин цхьа агIо а ю. Премьеран Нечасан хIусамнанна Нечасова Радкина тIехьажа хIиттийна а хилла лерринчу ницкъийн сервис.

Даханчу кIирнахь премьер-министро дIахьедар динера, 25 шарахь сов ша ваьхначу зудчуьнца дIасакъаьсташ ву ша, аьлла. Хаамийн гIирсашкахь ишта а дуьйцуш дара, Надьова цуьнан езар ю, бохуш.

Нечаса чIагIдарехь, цунна хууш дацара, шен зудчунна тIехьожуш хиларх лаьцна. Амма даханчу кIиран дийнахь мукIарло дира, шен долара «дахаран билгалонаш» «Чехийн политикан тIегIане яьхна хилла» хиларх.

Иштта, Нечаса бахарехь, иза шен Махкахойн Демократан партера а дIавоьдуш ву. Цуьнан сацам къобалбина тIеэцна юкъараллехь.

ПрахIа-гIалин вахархочо Йирсас элира.

Йирса: «Суна хетарехь, иза нийса яьккхина гIулч ю. Цуьнан кхин цхьа а некъ бацара оцу кхолладеллачу хьолехь. Суна хетарехь, политико санна, цо динарг нийса хIума ду.»
Чехера талламан журналист волчу Плесл Ярослава бахарехь, Надьова лацаро Нечасана кхин цхьа а некъ ца битинера, даржера дIавалар доцург.

Плесл: «Иза премьер-министран уллера накъост яра. Нах балха эцарехь оццул гIалат дар, къамел а доцуш, балхара дIавала бахьана ду.»

Нечаса дарж дитаро Европан Бертан пачхьалкхаш хIинца могIарерчу политикан къепедацаре юьгу. Чехин Конституцица а догIуш, дерриг Iедал дIадаха дезаш ду.
Нечаса дIахьедар дина, 2014-чу шеран Стигалкъека баттахь хила беза харжамаш тIекхачале, шен парти керла Iедал харжа хьожур ю, керлачу премьер-мнистрца, аьлла.

Нечас: «ХIинца со хIун дан воллу аьлча, сайн ОДС партина а, сайн пачхьалкхана а уггар диканиг ду. Сайн ма-хуьллу, гIо дийр ду аса коалицина, парламентехь оьшу 101 аз хилийтина, ОДСе керла премьер-министр хIоттавойтуш.»

Партин коьрта коалицин накъосташа шаьш кийча хилар хаийтина.

Амма карарчу хенахь кхаа-партино урхалла дечу коалицина хала хила тарло, парламентехь тоъал гIортор хилийта. Нагахь санна кхузза керла Iедал кхолларх гIуллакх ца хилахь я, парламент ша шех дIасахеца реза хилахь, хенал хьалха харжамаш дIа ца баьхьча бевр бац. Хенал хьалха болу харжамаш хилийта а, низамашкховдорхойн эхал сов леллхаш, кхаьжнаш хила деза.

Президента Земан Милоша а тарло коалицин планаш йохон. Чехин Конституцино бакъо ло президентана премьер-министр хIоттон. Нечасан политикан оппонент волчу Земана дуьхьало ян мега, коалицин кандидатура тIечIагIъян.

Делахь а, Плесана хетарехь, политикан партеша эххар а цхьа пайде барт бан тарло.

Плесл: Коммунисташа а, Социала Демократан партин цхьана декъо а бен ца кхойкху хенал хьалхарчу харжамашка. Со цундела гIаьххьачул тешна ву, керла премьер а волуш, карарчу хенахь йолу коалици Iедалехь юьсург хиларх.»

Мухха делахь а, Нечас даржера вохор, цо коррупцина доьхьал ша йолийначу кампанех хилла ду. Цо куьйгаш даьстинера полицин а, прокуратурин а.

Нечасал а хьалха йоккха гIовгIа а йоккхуш, балхах вохийнера могушаллин министр а, оппозицин маьIнечех политик а хилла волу Рат Давид. Иза бехке вина Европан Барто дарбан хIусамаш тодан а, БустехIрад гIалара шира гIаланаш тоеш дайа а делла ахчанаш лечкъорна.

Шо хьалха лаьцна ву Рат, чагIар чохь лелон гIутакх чохь $ 355 000 барамехь ахча эцна вогIуш. ЧССД партин мандат а, Юккъерчу БохIемин губернаторан дарж а бара, цу девнан мах.
Шайн Iедалерчу стоьлан дайн кхаьънаш эцарх а, пачхьалкхан тIегIанехь бечу шеконан йохка-эцаран бертех а гIад дайначу чехаша къобалдинера, кхаьънаш эцарца къийса гIерта Iедал.

Плесл: «Иза историн парадокс ю иза ша кхаьънаш эцарна доьхьал йолийначу кампанин закълтахо хилар. Амма, къамел а доцуш, иза дуьххьара премьер-министр вара кхаьънаш эцарна доьхьал къийсам болош гIулч яьккхина волу. ХIинца иза цу даржера дIаваларца, йоккха хаттаран хьаьрк юьсу, кхаьънаш эцарна доьхал йолийна кампани яхлур ю бохучуьнан хьокъехь.»

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG