ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Freedom House: Евразехь гIийло еш ю бахархойн юкъараллашна


Юккъера Европерачу а, Юккъера Азерачу а пачхьалкхашкахь куьйгалла деш ду демократи юстах теттина долу шайн Iалашонаш хьалха яьхна лела Iедалш аьлла ду Freedom House хIора шарахь кечдеш долчу рогIерачу рапорт тIехь. Бакъонашларъярхой саготта бу Евразехь махкахой юкъараллийн хьал ледар долуш хиларна.

Бахархойн юкъараллин хьелаш гуттар ледара ду Узбекистанехь а, Туркменистанехь а. Азербайджанехь а, Таджикистанехь а, Беларусехь а хьийзош бу Iедалан дуьхьалончаш. Оппозицин бакъонаш талхош ю Казахстанехь а.

Freedom House векалша дийцарехь, цу пачхьалкхашкахь алсамбевлла коррупци лелош болу нах, алсамдаьлла зорабанан гIирсашна цензура яр а, политикан оппозицин декъашхошна ницкъ бар а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG