ТIекхочийла долу линкаш

Къилбаседа Ирландерчу Лох-Эрнехь дIайирзина G-8-саммит


Къилбаседа Ирландерчу Лох-Эрн олучу гIалахь дIайирзина шина денна лерина G-8 олуш йолу саммит. Цуьнан декъашхоша дIахьедар дина, дуьненера экономика кхиар шеконехь ду аьлла, Iамерко а, Еврозоно а, Японино а яьхна гIулчаш бахьана долуш рецесси хиаларан кхерам юхатоьхнехь а.

Оршот дийнахь саммитан декъашхоша тIеэцначу дIахьедарехь аьлла ду еврозона хIинца а экономикан халонаш ловш ю аьлла. Саммитехь бинчу хаамца, Евроберто а, Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташа а дийцарш дIадолийна кху дуьнентIехь уггаре а йоккха маьрша экономикан зона кхоллар хьокъехь. G-8 саммитехь юьйцуш йолу кхин цхьа тема ю - Шемара конфликт.

Саммитан кулуарашкахь дагадовларш дIадаьхьира Iамеркан а, Оьрсийчоьнан а президенташа Обама Барака а, Путин Владимира а. Царшимма дийцинчу хаттаршна юкъахь дара Шемара дов дIадеорзор а, ГIажарйичоьнан зарратан программа а, Корейн ахгIайренехь лаьтташ долу хьал а, ракеташна духьал йолчу системица доьзна хаттарш а.

G-8 тобан куьйгалхоша кхайкхам бина мелла а сиха Шемахь машар карон Женевехь дуьненаюкъара машаран конференци вовшахтоха еза аьлла.
XS
SM
MD
LG