ТIекхочийла долу линкаш

Обамас къамел дина Берлинехь


Берлинехь Бранденбурган кевнашна хьалха къамел дина Германехь пачхьалкхан визитаца волчу Iамеркан президенто Обама Барака. Шен къамелехь цо шаьш кийча ду элира зарратан коьртеш долчу ракетийн терахь кхузза лахдарх лаьцна Оьрсийчоьнца ди1царш дIадахьа.

2010-чу шарахь Iамерко а, Оьрсийчоьно а бинчу бертаца а догIуш, цу шина пачхьалкхо дIаяха езаш ю шайн ракеташ 1550 ракета йиссалц. Обамас иштта дIахьедар дира, кегийрахошна юкъахь болх боцучу нехан терахь лахдан Европо хийца еза шен экономикан политика аьлла.
XS
SM
MD
LG