ТIекхочийла долу линкаш

Дуьненаюкъараллан векалаллана тIелатар дина Могадишехь


Соамалин коьртачу гIалахь Могадишехь тIелатар дина цу махкахь йолчу Цхьаьанакхеттачу Къаьмнийн организацин векалаллина. И бахьана долуш вийна ме лаххара 8 стаг. Царна юкъахь ву кхечу пачхьалкхара 4 белхахо а, 4 меттигера гIаролхо а.

Вийна и тIелатар деш дакъалаьцна волу 7 стаг. Царна юкъахь хилла Iожалхой а. И тIелатар шаьш дина аьлла дIахьедар дина «Ал-Кхайдица» йоьзна йолчу «Аш-Шабааб» цIе йолчу тобано.
XS
SM
MD
LG