ТIекхочийла долу линкаш

Герзаш лилхина Оьрсийчохь


Оьрсийчохь,Самара-кIоштахь, тIеман складаш лелхар бахьана долуш вийна цхьа стаг. Цу кIоштан губернаторо Меркушкин Николайс бинчу хаамца, иза ву герзаш лелха доладелча дIалачкъа гIоьртина волу цу полигонан белхахо. Цуьнан дакъа карийна йохийна гIишлош дIасайохуш.

Меттигерчу Iедалша дийцарехь, лазийна ву 38 стаг. Царах 10 дарбанан хIусамехь ву. Нагорный олучу эвлахь лелхийтарш дуьйладелла Шинарин сарахь. Цу бахьаница 6 500 стаг эвлара араваьккха дезна.

Талламхоша толлуш ю масийтта хиллачуьн верси. Царах цхьаъ ю дукха йовха хиларна складех цIе ялар.
XS
SM
MD
LG