ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кутаисера криминалан гонашкахь дош лела стаг лаьцна ПрахIехь


Гуьржийчура Кутаисера криминалан тобан декъашхо хила мега аьлла стаг лаьцна ПрахIехь. Чехин полицино бинчу хаамца, цуьнан 46 шо ду. Иза лаьцна Чехин лерринчу зуламхойн тобанашца къийсам латточу декъан белхахоша. Цуьнан цIе йоккхуш яц.

Полицино дийцарехь, Чехехь дIахьуш ю Советан республикашкара «низамех болу къуй» лийцарца йоьзна шуьйра операци. Кху кIиранах Евробертана юкъайогIучу пачхьалкхашкахь лаьцна 32 Кутаисерчу криминалан тобанан декъашхо хила мегаш волу стаг. Царах цхьаберш бехке беш бу рэкет лелорна а, адамаш дайарна а, криминалан некъашца даьккхина ахча хьанал даьккхинчу иэда гIортарна а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG