ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамерко критика ярна юха а реза яц Оьрсийчоь


Iамерки Пачхьалкхан департаменто 2012-чу шарахь кху дуьнентIехь адамаш дохкарх лаьцна кечдинчу хьал довзийтарна критика йина Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министралло. Цуьнан сайт тIехь аьлла ду «Москохо дала дезаш долу жоп лур ду» цу тIехь хадош болчу механа аьлла.

Оьрсийчоь реза яц ша «къоршаме зуламхойн» тобанах дIатохарна а, шена дуьхьал санкцеш кхайкхор ю аларна. Кхаарин дийнахь Iамеркан Пачхьалкхан департаменто хIора шарахь ша деш долу адамаш дохкарна дуьхьало ярх лаьцна долу хьал довзийтар зорбане даьккхина. Цу тIехь толлуш ду 188 пачхьалкхехь цу хаттарехь хIоьттина долу хьал.

И пачхьалкхаш екъна ю кхаа тобане. Оьрсийчоь ю Китай а, Зимбабве а, Къилбаседа Корей а, кхин йолу а пачхалкхаш юкъахь йолчу тобанехь. Царна дуьхьал 2013 шеран Гезгмашин-баттахь дуьйна санкциш кхайкхо дагахь ю Цхьаьнатоьхна Штаташ.

Хьал довзийтарехь дуьйцуш ду Оьрсийчоьнан аьтто болуш ца хиларх лаьцна, адамаш духкуш болчу зуламхоша хьийзийна нах ларбан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG