ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамеркахошна Манас дIачIагIа сацам бина гIиргIизойн депутаташа


Бишкекерчу «Манас» аэропортехь йолу НАТО-н транзитан центр дIакъовла сацам бина ГIиргIизойчоьнан парламенто. Депутаташ бинчу хаамца, НАТО-н центр дIакъовлур ю 2014-чу шарахь Товбеца-беттан 11-чу дийнахь.

Цунах лаьцна хаам бина Маршо Радион ГIиргизойчоьнан редакцино. Низамца а догIуш, ГIиргIизойчоьнан Iедалш Iамерке хаам бан дезаш ду шайн сацамах лаьцна и центр дIакъовла 6 бутт биссинчу хенахь.

Парламентан сацам тIечIагIбан безаш ву президент Атамбаев Алмазбек. Шех «Манас авиабаза» олуш йолу Бишкекана генадоццуш йолу НАТО-н транзитан центр гIо деш ю ОвхIанистанехь долчу дуьненаюкъарчу коалицин эскаршна оьшург дIакхачош.

Цигахь дIатарвина ву цхьа эзар сов эскархо. И центр схьайиллина 2001-чу шарахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG