ТIекхочийла долу линкаш

Саьрмикан багара Нохчийчоь яллалц...


Швеци -- Шайн махкахо, тIемло, Оьрсийсчоьнан кара цавалар доьхуш гуламе бевлла нохчийн мухIажирш, 03Заз2013

Швеци -- Шайн махкахо, тIемло, Оьрсийсчоьнан кара цавалар доьхуш гуламе бевлла нохчийн мухIажирш, 03Заз2013

Нохчийн мухIажир. Духаре хьаьжча - токхе адам, дагчу хьаьжча - пекъар. Даймахка маршо йоссаре сатуьйсуш, 150 эзар веха царех Европехь. Оцу терахьан эхе кхоччуш хир бу Малхбалехь а, кхечу пачхьалкхашкахь а. Девзаш доцу цхьа дакъа ду массанхьачул а эшамечу хьелашкахь хан токхуш Оьрсийчоьнан мехкашкахь а. Чуьрачел башха, арахьарчу нохчех дог лозуш-м вац цхьа а дожал...



Политикан бахьанаш данне а дац тахана нохчийн мухΙажиршна дуьнентΙехула баьржина лела, тоьлла таронаш лоьхуш лела нах бу уьш, элира деношкахь Кадыров Рамзанан цΙарх нохчийн мухΙажирш цΙехьа беха Данин шахьара Копенгагене веъначу Нохчийчоьнан администрацин арахьарчу зΙенийн департаментан куьйгалхочо Хаджимурадов Ιисас.

Мила ву тахана Европехь, Ιамеркахь я Малхбалехь веха нохчо? ХΙун ду цунна деза-дораха: даймохк я арахь атта караде рицкъа? Стенна ца боьлху нах юха, Кадыров Рамзана тойина, къагийна лаьттачу Нохчийчу?

Иштта дара Маршо Радионо Мангал-беттан 20-чу, шех дуьненаюкъара МухΙажиран Де олучу дийнахь ладогΙархошка дина хаттар. Деллачу жоьпех шиъ доккху оха кхеле.

Хьалхара жоп байташкахь ду. Дайн кхерчах а, юьртан битамех а хьегнарг кхетар ву, хΙун ду нохчийн къоманна хилларг, стенна ца тору мухΙажиршна децΙа юхабаха.

Байтан автор Францехь еха, Шелара ю иза. Ша кхин похIма долуш а яц, даго ца йитича яздо ша хΙара тайпа могΙанаш, аьлла, иза юхаелира къамелах. Цуьнан ваша ву дешнаш дΙадоьшуш.

Ца ваьлла вели со, Нохчийчоь, хьоьха

Исбаьхьа Нохчийчоь куьцах йохийна,
Сел оьзда хила и, сийсазайича,
Нохчийчоь йохийна, къу къайлаваьлча,
Ца ваьлла вели со, Нохчийчоь, хьоьха.

Сихвелла доьзалхо шен лааме ваьлча,
ТIехь йоцу чIир а соьга кховдийча,
Исбаьхьа Нохчийн къам шина декъе декъча,
Ца ваьлла вели со, Нохчийчоь, хьоьха.

Сихвелла доьзалхо сийсазавоккхуш,
Наношна, йижаршца эвхьаза буьйлуш,
Осалалла, кIиллола Нохчийчу даьржича,
Ца ваьлла вели со, Нохчийчоь, хьоьха.

Бевзачех, безачех со къаста воьлча,
Кегийчу цу берийн цIий Iена доьлча,
Сел чIогIа еза хьо мостагIчух тарйича,
Ца ваьлла вели со, Нохчийчоь, хьоьха.

Со веха хIусамаш отуш ца лайна,
Дайн кешнаш чим хилла догуш ца лайна,
Харцонна диттина са къачаделча,
Ца ваьлла вели со, Нохчийчоь, хьоьха.

Амма со вахана вац хьолах хьо хийца,
Ца вешаш даймахках, хьох вониг дийца.
Со хIинца геналлехь доллучух кхетта,
Хьол сийлахь, хьол деза хIума ца хета.

Стенна ца могу паналлехь лелачу нохчашна даймахка юхаберза, уьш стенна реза бац Кадыровн Ιедало хΙиттийначу тоьллачу хьелашкахь баха, хаьттира оха Европехь вехачу кхечу мухΙажире – Деналбеке.

Къамел дечу шелахочо, муьлххачу нохчочо ловр боцу бала лайна ша децΙара валале. Ши воΙ тΙамехь кхелхина а волуш, кхоалгΙаниг Ιедалхоша вийначе кхайкхира иза, хΙара боьха хΙума хьайниг юй, аьлла. Деналбека доΙа дира шен воΙана тΙехь, мостагΙий гонах а болуш. Цара тоьхна виллира. Цул тΙаьхьа Деналбек генарчу лоьраша денвира. ХΙинца даймахках а хьоьгуш веха и къано Францехь.

Бакъ дац, нохчийн мухΙажиралла лелла болам бу, цунах долу дийцарш актуале дац бохург. Европехь наггахь а яц тахана а керла мухΙажирш Нохчийчуьра ца кхочуш пачхьалкх. Схьаоьхучу эзарнаша уггаре тΙеΙаткъам бо Польшина, иза Оьрсийчуьра ведда стаг Европе кхачаве неΙ хиларе терра.

Хьелашна тоьллачех ларало Германи ю оцу Ιаткъамна кΙел лаьттачу мехкех шолгΙаниг. Польшехь тховкΙело йоьхуш 5 эзар ву нохчо, Германехь – ши эзар сов, иштта дΙа кхечу мехкашкахь а.

Ткъа тамаше ду немцойн лаьтта тΙе кхочу легалехь боцу мухΙажирш лоьцучу Франкфуртерчу инспекцин директора Боргерт Вильгельма прессехь бохург. Оцу кепара нохчийн мухΙажирш Германина чухкабалар шайна кхеташ дац, боху цо.

Боргерт а, кхиболу мухΙажирийн балакхача декхаре болу европахой а кхета хала хΙума а дац иза. Шега, нохчийн муьлххачу а мухΙажире хаьттича, карор ду жоьпаш. Кхин ду, и жоьпаш а, дуьненна къордийча а Нохчийн махкара стенна уьду нах боху хаттар а хΙинца Европана хьайна хилар. Ткъа мухΙажирш-м бу, массо а дуьхьалонаш а кегъеш, баьржаш....

Кхунах тера

XS
SM
MD
LG