ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Набахтехь хьийзина Осмаев Адам


Оьрсийчоьнан президентана Путин Владимирна тIелатар кечдеш хилла аьлла дIалаьцна Нохчийчура схьаваьлла волу Осмаев Адам къиза хьийзийна таллам дIахьош. Цуьнан адвокато дийцарехь, Одессан прокуратуро даре дина иза. Цунах лаьцна хаам бо Интерфакс агенталло.

Официалан кепара и хаам тIечIагIбина бац. Амма Осмаевн адвокато Черток Ольгас дийцарехь, тутмакх талламан изоляторера прокуратуре а вигина хаам бина цо ша къиза хьийзина аьлла бина латкъам бух болуш карийна хиларх лаьцна.
Асмаев Адама цкъа дуьххьара даре динера ша Путинна тIелаташ кечдеш дакъалацар, амма тIаьхьо цо юхаийцира ша дийцинарг, шена тIехь ницкъ бинера аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG