ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Алиевс харцдина Азербайджанехь политикан тутмакхаш хилар


Азербайджанан президенто Алиев Ильхама бакъ ца дина шайн махкахь политикан тутмакхаш бу бохург. ПIераскана дийнахь Брюсселехь вист хуьлуш цо элира, Азербайджанехь дешан маршо а яц, зорбанан гIирсашна еш цензура а ю, политикан дуьхьалончаш набахташка чубухкуш бу боху хаамаш харц бара аьлла.

Алиевс дийцарехь, Азербайджанехь оьшуш долу хьелаш кхоьллина ГIадужу-баттахь хир болу президентан харжамаш маьрша а, нийса а дIабахьа.

Азербайджанехь долу хьал кхоччуш барамехь Европерчу стандарташца догIуш дацахь а, мехала ду Советан пачхьалкх йоьхнчул тIаьхьа цу махкахь дуккха а дикачу агIор хийцамаш хилла хилар элира Алиевна уллехь лаьтташ волчу Еврокомиссин президенто Баррозо Жозе Мануэла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG