ТIекхочийла долу линкаш

Сноуден Эдуард дΙавоьху Ιамерко



Ιамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташа, пачхьалкхана ямартло ярна бехке а веш, ХΙонконган Ιедалшка, лаьцна, шен карвалар дΙавоьху Сноуден Эдуард. Къоман кхерамзаллин агенталлин белхахо хиллачу Сноудена бахначу баттахь дийцира юкъараллана пачхьалкхан ницкъаша нехан телефонашка а, интернетерчу къамелашка а ладоьгΙу, аьлла.

Кхело шпионалла леладарна а, пачхьалкхан къайленаш Ιораяхарна а бехке вина Сноуден пΙераскан дийнахь. Массех бехк бу цунна тΙехьош, шех хΙоранно а 10-10 шо набахтехь яккха а кхачош. ХΙонконгехь лечкъина, таΙзарх хьалха вала гΙерта Сноуден Эдуард.
XS
SM
MD
LG