ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Иркъехь вовшахлета шиΙатой а, суннаташ а



Лаххара а 9 стаг велла Иракъан къилбаседанерчу гΙаланашкахь полицин хьукматашна динчу тΙелатаршкахь. Ιедалхойн декъана уллехь герзах юьйлина машен эккхийтина Мосул-гΙалахь. Виъ ву цигахь вийна. Кхо эпсар вийна мотоциклаш тΙехь полисхойн машенна герзахой тΙе а летта Туз-ХΙормато олучу гΙалахь а. Самарра-гΙалахь кхелхина кхо полисхо.

Бахначу баттахь иштта 1000 стаг вийна Иракъехь. Тергамхошна зуламашна бухахь го шиΙатой, суннатой вовшахлеташ хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG