ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

«Шемин ДоттагΙий»: ГΙаттамхошка герз дала деза



Шемарчу Ιедалан ницкъаша эшош лаьттачу гΙаттамхошна герзашца гΙодар дехна пачхьалкхашка шоьтан дийнахь «Шемин ДоттагΙий» шайх олучу мехкийн арахьарчу гΙуллакхийн министрша.

Дийцаршна министрш гулбеллачу Катарахь цигарчу премьер-министра шайха ал-Тани Хьамада иза цхьа некъ бен а бац элира Шемара конфликт ерзон. Европера а, Шемина гонахара а, Цхьанатоьхна Штаташ а юкъайогΙучу 11 пачхьалкхарчу векалша къобалдина и къамел.

Дахначу кΙиранах Вашингтоно хаам бира, Шемин эскарша химин герз леладо гΙаттамхошна дуьхьал, аьлла. Оцу бахьанийца Ιамерка кийча ю гΙаттамхошка герз кхачон. Еврокхеташоно а дΙаяьккхина оцу агΙор латтош хилла герзан эмбарго.

Ткъа «Шемин ДоттагΙий» гΙаттамхошна гΙодан гΙертарна реза яц Оьрсийчоь, ГΙажарийчоь, Либанера шиΙатийн Хьизболла-парти.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG