ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москохара ХIаване доьдучу кеманна тIе ца хиъна Сноуден Эдвард


Къайлаха хаамаш гIарабахарна, Вошингтоно схьавоьхуш волу, Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн Къайлахчу сервисийн белхахо хилла Сноуден Эдвард Москохара ХIавана доьдучу кеманна тIехь дIа ца вахана. Ройтерсо а, Интерфаксо а бечу хаамца, оршот дийнахь Кубе даха новкъа даьллачу кеманна тIехь Сноуден вацара.

Индехь дIаяьхьначу зорбан-конференцехь вистхуьлуш, Iамеркан пачхьалкхан секретаро Керри Джона Оьрсийчоьнна варе дира, кхоалгIачу пачхьалкхе дIаваха Сроуденна кеманна тIе волуш гIо даро, шина «пачхьалкхан юкъаметтигашна тIеIаткъам а бийр бу, цуьнан тIаьхьалонаш а хир ю» аьлла.
Iамеркан Iедалша Оьрсийоьне дIавехнера Сноуден. Шен цIахь цуьнга кховдон кечбина бехк бу, Iамеркан Iедалан тIехьажаран программех лаьцна хаамаш нахала бахарна.

Сноудена Эквадоре тхов-кIело ехнера, ша Москохарчу аэропорте дIа ма кхеччина. Эквадоран арахьарчу гIуллакхийн министро дийцарехь, «цуьнан Iедал толлуш ду Сноуденан дехар».

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG