ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Махкана ямартло ярна кхеле озош ву Пакистанна урхалла дина волу Мушарраф


Пакистанан премьер-министро дIахьедар дина пачхьалкхана урхалла динчу Мушарраф Первезана тIехь кхел ян еза, пачхьалкхана ямартло ярна, аьлла. Оршот дийнахь парламентана халха къамел деш, Шариф Наваза элира, «кхел тIекхачале шен бехк хиларна жоп дала дезар ду цо».

Цо Мушарраф бехке вира 1999-чу шарахь Пакистано хаьржина Iедал карчош, конституци йохорна а, кхелахой дIа а баьхна, 2007-чу шарахь чолхе хьал кхайкхорна а.

Шина оппозицин коьрта шина партино къобалдина а тIеийцира Шарифан къамел. Деккъа федералан Iедалан карахь ду ямартло ярца доьзна гIуллакх Лакхарчу Кхеле кхачон.

Махкара дIаваханчуьра Зазадоккху баттахь шен лаамехь юхавирзина волу, пенсехь волу инарла, карарчу хенахь шен чуьра аравала йиш йоцуш, Iедалан тидамехь ву.
Шега кхийдош болу бехкаш бух боцуш лору Мушаррафа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG