ТIекхочийла долу линкаш

Царнаева Зубейдат Джовхаран кхеле йоьдуш ю


КарабогIучу Товбецан беттан 10-чу дийнахь кхел йолош ю Iамеркехь, Бостонехь лелхийтарш дарна бехке вечу Царнаев ДжовхIарна тIехь. Цуьнан нана Зубейдат Iамерке яха дагахь ю, цу кхелехь дакъа лаца.

Цуьнан а, цуьнан цIийнде Анзоран а Iамеркан паспорташ ду. Дог доьххначехь, ша Iамеркахошна аьллачунна дохко яьлла ша, могIарерчу Iамеркахошна доьхьал шен хIумма а дац аьлла, дийцина Царнаева Зубейдата, ББСи журналисте.

Iамеркехь Зубейдат бехке еш ю, еза бедарш юхкучу туьканара цо 1600$ хIуманаш лечкъорна.
XS
SM
MD
LG