ТIекхочийла долу линкаш

7 шо хан кхайкхийна кхело Италин премьер лаьттинчу Берлускони Силвиона


Италин премьер-министр лаьттинчу Берлускони Силивиона тIехь дIаяьхьначу кхело сацам бина, цунна набахти чохь даккха 7 шо хан тоха а, велла дIаваллалц, Iедалан даржашка вахар дехка а. Ханна жима йолчу Махруг Каримеца эвхьаза леларна а, цунна ахча даларна а бехке вина Берлускони.

Ша Махруга чIагIдарехь, цо цкъа а проститука болх ца бина, я Берлусконигара ахча а ца эцна. Иштта, суьдхойн сацамца, ша пачхьалкхан лаккхарчу даржехь хиларх пайда а эцна, лаьцначуьра Махруг дIахецийтина Берлусконис.

Берлусконина хетарехь, аьрро агIора хьажам болчу Миланера прокурораша политикан бахьанашца бекхам беш йолийна ю и кхел. Амма Берлускони бIаьрга схьаван ца веза италхой тешна бу, цунна хакъ дерг хилла хиларх. Кхелан сацам хIинца а ницкъ болуш бац, иза лахарчу тIегIанера кхело тIеэцна бу. Апелляцеш таллар масех шаре дахлур ду.

Кхин а маьIне тIаьхьало йолуш ду, Iедалан ял дIа ца яларца доьзна долу, кхелан кхин цхьа гIуллакх. Апелляцин кхело цуьнан агIо ца лацахь, хIокху гурахь дуьйна цунна дихкина хир ду Iедалан даржашкахь болх бар.
XS
SM
MD
LG