ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхатаран урхалла шен кIентан караделла Кхатаран эмиро


Кхатаран эмиро шейх Хьамад бен Халифа Аль Танис официала кепара шегара Iедалан мукъ дIабелла шен кIанте Тамим бен Хьамаде.

Пачхьалкхан телевизионо гайтинчу церемонехь, 61 шо долчу шайхо «хан тIекхаьчна элира, пачхьалкхан кхоллам «керлачу чкъурана карабала». Амма цо хьаха ца деш дитира, Iедалехь хийцамаш хир бу-бац, бохург.

1955-чу шарахь дуьйна Кхатарана урхалла дина ву Хьамад бен Халиф Аль Тани, шен да шайх Халиф цо урхалера вохийначул тIаьхьа дуьйна. Маьхкадаьтта а, газ а йохкарх долу ахча пачхьалкх кхиорна дайар бахьанехь, жима пачхьалкх чIагIъелира. Дуьненаюкъарчу Валютийн Фондан хьесапехь, бахархойн кара хIокху дуьненахь уггар а дукха ахча кхочучех пачхьалкх ю Кхатар.

33-шо долу Кхатаран керла куьйгалхо Британехь дешна ву. Кхатаран эскарехь лаккхарчу даржехь болх бина а ву.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG