ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIемалошна амнисти кхайкхон дагахь ву Дагестанан куьйгалхо Абдулатипов Рамазан


Ханна Дагестанна урхалла деш волчу Абдулатипов Рамазана дIахьедар дина, маьршачу дахаре юхаберза луучу тIемалошна амнисти кхайкхорна гIортор йо ша, аьлла. Даханчу кIирнахь и тайпа ойла, республикан куьйгалхочуьнга яздинчу диллинчу кехата тIехь гIараяьккхинера Дагестанера журналист йолчу Ахмедова Маринас.

Амма экспертийн хьесапехь, тамаша бу, цу амнистех а тешна, Iедалшна тIе кегийрахой болхахь. Цара бахарехь, хьаннашка дIаоьху, Iедална реза боцу кегий нах, ткъе пхи шо долуш а ца хуьлу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG