ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийчохь цхьа нехан тоба ю муьлххачу а Iедалан куц-кепаца йогIуш а, шаьш селхана биина дуй къарбина, тахана нийсса пурхнехьа дерг лелош. Оцу тобанера нах ган йиш ю Iедалан хьукхматашкахь, нехан хьашташ кхочушдечу юкъараллин меттигашкахь а, динан дайшна юкъахь а. Церан юьхь-сибаташ массарна а евза. Амма царга юьхь-дуьххьала цхьаммо хIумма а ца олу.

ХIора шарна а дукълахь бен лилха довлуш дац Нохчийчохь ХьаьжицIа баха луъчеран могIарш.Царалахь дукха бу хьаннал къа а хьоьгуш ша вовшахтоьхначу рицкъанах боьдуш берш. Амма тахана нохчийн юкъараллехь шо-шаре мел долу а тIекхетахь бен лах ца луш лаьттачех ду, хьарам-хьанал а ца къестош, Хьаьжи цIа оьхурш бийцаре бар.

Царалахь кIезиг бац. Цунна масалш даладо шаьш бахархоша а,цхьа хан яллалц шайна ма тов лелла зударий а, эра бугIанаш санна шайна хIуъу а магийтина божарий а,боьхачух хьожа ца еънарш а, къоланаш динарш а, бехк-гуьнахь доцу стаг вер биста кхаччалц даккхий зуламаш динарш а. Ишта шайна ма тов лелларш имане а баьхкина, делера шайна къинхетам беха ХьаьжицIа оьхуш санна туьду цхьана агIор Шелан кIоштерчу Чири-юьртарчу яхархочо Ровзана.

Мелла а хьалха заманахь ша даьккхинчух бен ХьаьжицIа баха наха шайна могуьйтуш дацара боху Теркйист кIоштерчу 83 шо долчу Марусас. Цунна масаллина валийра цо райком партин 1-чу секретарана «хIан-хIа» аьлла шен шича.

Карарчу хенахь хьаьжой могIарш тIедуза сихбеллачех цхьаберш, массо воьдий-те хьаннал? Муха оьху тахана цхьаццаберш ХьаьжицIа хаьттича цо элира.

Соьца къамел деш йолчу Теркйист кIоштерчу 83 шо долчу яхархочунна Марусина хетарехь ХьаьжицIа бахнера аьлла,шайн оьзда боцу некъ битна юхабевлла а бац цхьаберш.Адам хIора шарна а ,дералла,оьгIазалла деба а дебаш,ийманах доьхна догIу аьлла хета йоккхачу стагна.

Дуккха а вайнаха даре а деш,гIайгIа а,сингаттам а дебориг ду Марусас мел дийцинарг ондда бух болуш дахаран цхьа бакъ-тоьшалла а хилла дIахIоттар.Масаллина аьлча суна цхьа могIа зударех а,божарех а хьаьжой багарбира Ваха цIе йолчу соьлжагалахочо.

Царна юкъахь яра къона йолуш оьрсийчуьнгахь марехь а хилла,цунна шиъ бер а дина,тахана хьаькаман даржехь болх беш йолу цхьа хьаьжо а. Цо йоккхачу шеконе диллира хьалхалера шен герз цо дитна бохург. Цо дийцарехь цо ахча а луш цхьана ханна шен дола воккху боьрша стаг.Цо ишта къаро йора хьаьжой-задаршлахь шена хууш бIиж-бераш а, къотIарчий динарш а бу бохуш. Изза хьал гойтуш масалш даладора цо божаршлахь а.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG