ТIекхочийла долу линкаш

Руснок Йиржи Чехин керла премьер-министр хаьржина


Чехин пачхьалкхехь керла премьер-министр хаьржина Руснок Йиржи. Иза къобалдина мехкан президенто Земан Милоша.

Хьалха финансийн министр а, индустрин а, йохка-эцаран министраллина куьйгалла дина а ву Руснок. Ша декъашхо хиллачу социала-демкоратхойн партера ара а ваьлла, 2010-чу шарахь дуьйна Iедалехь йолчу Къоман экономикан кхеташонан декъашхо хилла ву.

Парламентан доккха декъо хьалхуо дIахьедар динера, шаьш тешам лур бац керлачу министрийн кабинетана, аьлла. Цу хьолан тIе далахь, парламент дIаса а хецна, хенал хьалха харжамаш кхайкхон безар бу.

Хьалхалера премьер Нечас Петра кIира хьалха шегара дарж охьадиллира, кхаьънаш эцарца доьзна дов гIарадалар бахьанехь. Цу девнан коьрта меттиг дIалоцуш ю цуьнан канцелярин куьйгалхо а, Чехийн хаамийн гIирсийн хьесапехь – уллера юкъаметтигаш а хилла йолу Надьова Яна а.
XS
SM
MD
LG