ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

27 стаг вийна Китайра Синцзянь кIоштахь лилхинчу къепедацаршкахь


Китайра Синцзянь-Уйгурин кIоштахь лилхинчу къепедацаршкахь вийна, мел лаххара а 27 стаг. Пачхьалкхан «Синьхуа» хаамийн агенталло дийцарехь, карарс арсаш долчу тобано тахана тIелатар динера полицин декъана а, цхьана Iедалан хьукхаматана а, Лукцунь гIалахь ечу цхьана гIишлонна а. Ягийна масех полисхойн машен. Кхерамазаллин ницкъаша царна тIе герз диттина. Тiелатаршкахь дакъа лаьцнарш билгал ца баьхна.

Цу кIоштахь дуккхаза а нисделла цIий Iенор. Уйгураша Китайн Iедалш бехке до, ханьцхой шайн дайн латтанашна тIе балоран а, шаьш цигара лахкарна а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG