ТIекхочийла долу линкаш

Духур дац, Доьлхур дац, Дицлур дац


Ичкерин Iедало цIерабаьхначу вайнехан сий деш хIоттийна хилла хIоллам. ХIинцалерчу Iедалша иза бохийна. 2013

Ичкерин Iедало цIерабаьхначу вайнехан сий деш хIоттийна хилла хIоллам. ХIинцалерчу Iедалша иза бохийна. 2013

1944-чу шарахь Сталин Иосифан омарца вайнах цIерабохучу хенахь, ара ца бахабелла бIеннаш маьрша нах байъарх лаьцна дийца, тахана а хIунда ца магадо Оьрсийчоьнан Iедалша? – бохучу хаттарна делла жоьпашка ладогIа бухахь.


Маршо радион вебсайтана тIехь кху хаттарехь дакъа лаьттачу 87 процент нахана хетарехь, Зулам дина хиларна къера а хилла, цунах жоп ца далархьамма ца дуьйцуьйту вайнах цIерабахарх лаьцна. 9 процент ца кхоччуш нахана хетарехь, Нохчийчура экаме хьал дохарна кхерар ду цуьнан бахьана. 4 сов эккаш процентана ца хаьа цу хаттарна жоп.

Къамел динарш массо а тешна бара, къам къинтIера а доккхуш, хилла зе метта а хIоттош, Оьрсийчоьнан Iедалша Нохчийчура экаме хьал чIагIдан деза бохучух. Царах ву Лоьма.

Лоьми


ХIора нохчочуьн иттаннаш гергарнаш белла цIерпошташкахь Сибрех бинчу новкъахь а, цига дIакхаьччи а. Мел дерг охьа тесна, дIабигначу нахана хилла зе меттахIоттон а деза, и де гинчу, хIинца а болуш болчу баккхий нахе а хоьттуш, аьлла, шайн чуьра белларш багар а беш, Асамаъа дийцира.

Асмаъ


Дийца ца дийцарх, къомана шена тIехь латтийна Iазап дицделла бохург дац, элира Розас.

Роза


Iедало яла билгалъяьккхина компенсаци а ю, цо къоман хадош болу мах гойтуш, аьлла тIетуьйхира Хьавас.

Хьава

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG