ТIекхочийла долу линкаш

ХIинца а чIагIвеллачу хьолехь ву 94 шо долу Нелсон Мандела.


ХIинца а чIагIвеллачу хьолехь Преторечу дарбан хIусамехь ву Къилб Африкера Нобелан машаран совгIатан лауреат Нелсон Мандела. Шен 94 мшо долчу дена тIаьхьаяханчул тIаьхьа цуьнан йоIа Маказивес аьлла: «Аса харцдерг дуьйцур дац. Иза дика воцуш ву.» "Амма Мандела хIинца а кхетамчохь ву," аьлла тIе а тухуш.

Африкан пачхьалкхан дуьххьарлела Iаьржа чкъор долу президент лаьттина Нелсон Мандела, хIокху беттан юьххьехь кхаьчнера дарбан цIийне, пехий цамгар карзахъялар бахьанехь. ХIокху кIиран дийнахь чIагIвелла ву иза.

Африкехь визит дIахьучу Iамеркан президенто Обама Барака Сенегалехь дIахьедар дира, Мандела «дуьненан турпалхо» ву аьлла.
XS
SM
MD
LG