ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сноуден Эдвард хIинца а Москохарчу Шереметьево аэропортехь волчух тера ду


Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн къайлахчу сервисийн белхахо хилла волу Сноуден Эдвард хIинца а Москохарчу Шереметьево аэропортехь волчух тера ду. Цо кхин дIа йоккхур йолчу гIулчех лаьцна хууш хIумма а дац.
Шена политикан тхов-кIело йоьхуш цо Эквадоран Iедалшка дина дехар хIинца а толлуш ду. Церан хьесапехь, и хаттар къастош царна кIиранаш, ур-атталла беттанаш а хьашт хила там бу.

Эквадоран арахьарчу гIуллакхийн министро Патиньо Рикардос элира, Wikileaks сайт кхоьллина волчу Ассанж Джулианан гIуллакх къастош а, шайна ши бутт хан ийшира.

Оццу хенахь, Iамеркан сенатехь дуьненарчу юкъаметтигийн комитетан куьйгалхочо Менендес Робета Эквадорана кхерам тесна, шаьш экономикан санкцеш доьхьал йохур ю, нагахь санна, Эквадоро Сноуденна тхов-кIело лахь, аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG