ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилба Африкан президент лаьттинчу Нелсон Манделин хьал хIинца а дика дац


Къилба Африкан президент лаьттина волу Нелсон Мандела хIинца а ву чIагIвеллачу хьолехь Преторечу дарбан хIусамехь. Еарин дийнахь цуьнга хьажа-хIотта яханера 94 шо долчу Манделин йоI Маказиве. «Аса харцдерг дуьйцур дац. Иза дика воцуш ву. Амма шех куьг Iоьттича хаьа цунна» элира цо ша араяьлча. ХIинцалерчу Африкан президента Зума Джейкоба элира шен агIора, Манделина мелла а гIоли хилла, амма «лоьраша иза чIогIа ву боху.»

Африкан пачхьалкхан дуьххьарлера Iаьржа чкъор долу президент лаьттина Нелсон Мандела, хIокху беттан юьххьехь кхаьчнера дарбан цIийне, пехий цамгар карзахъялар бахьанехь. ХIокху кIиран дийнахь чIагIвелла ву иза.

ХIокху кIирнахь Африкера пачхьалкхашкахь турне дIахьучу Iамеркан президенто Обама Барака Сенегалехь дIахьедар дира хьастагIа, Мандела «дуьненан турпалхо» ву аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG