ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхело 30 декъах лаьтташ болу официала бехк кховдийна Царнаев Жовхаре


Бостонера марафонехь шен вешица Тамерланца шиъ эккхийтар дина хиларна шеко йолуш лаьцначу Царнаев Жовхаре официала кепара бехк кховдийна. Иза бехке веш ву 4 стаг верна а, цхьанаметта дукха адам дуьйш долу герз лелорна а. Цуьнга кховдийна бехк 30 декъех лаьтташ бу. Царах вуьрхIийттаннехула цунна вен кхел йогIу.

Оханан беттан 15-чу дийнахь Бостонехь динчу лелхийтаршна бехке вечу шина вешех жиманиг ву Жовхар. Цу марафонехь хиллачу чевнех 3 стаг велира, виалгIаниг – полисхо ву. Дийцарехь, Оханан беттан 19-чу дийнахь ЦарнаевгIар-вежарий лаца хьаьжча, цара вийна ву иза.

ХIетахь Тамерлан вийра, еза чевнаш хилла волу Жовхар лецира. Иза цкъачунна Бостонан йистерчу набахтин дарбан-хIусамехь ву.

КарабогIучу баттахь йолалучу кхелехь дакъа лаца Iамерке яха дагахь яра Жовхаран нана Зубейдат. Амма тIаьхьуо шен сацам хийцира цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG