ТIекхочийла долу линкаш

Сноуден Эдвард схьавоьхуш я Си Цзиньпине я Путин Владимире телефон ца тоьхна Iамеркан президенто


Iамеркан президенто Обама Барака еарин дийнахь дIахьедар дира ша я Китайн лидере Си Цзиньпине а, я Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире а телефон ца тоьхна, Вошингтоно шпионалла лелорна бехке веш волу Сноуден Эдвард схьавоьхуш. Иза декъа низамера хьал хета Обамина.

Шен Африкера визит йолош, Сенегалехь къамел дечу хенахь Iамеркан президенто билгалдаьккхира, Сноуденна тIехь волуш Москохара гIаьттина кема лаца тIеманхой юкъаозон дагахь а вац ша, аьлла.

Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн къайлахчу сервисийн белхахо хилла волу Сноуден Эдвард хIинца а Москохарчу Шереметьево аэропортехь волчех тера ду. Даханчу кIиран дийнахь иза ХIонконгера Москох вахара.

Шена политикан тхов-кIело йоьхуш цо Эквадоран Iедалшка дина дехар хIинца а толлуш ду. Оцу юкъанна Iамеркан Iедалша цуьнан паспорт лелон йиш йоцчу тIедаьккхина.

Сноудена дукха хан йоццуш гIарадаьккхинера, Iамеркан къайлаха сервисаш электронан гIирсашна тIехьожуш хилар.
XS
SM
MD
LG