ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бозуш боцу таллам дIабахьаре кхойкху Уйгурийн эмигрантийн шина тобано


Уйгурийн эмигрантийн шина тобано кхайкхам бина, Мангал беттан 27-чу дийнахь Китайрачу Синьцзян-Уйгур кIоштахь хиллачу тасадаларехь 27 стаг верца доьзна гIуллакх талла, аьлла.

Хьалхуо дуьйцуш дара, еарин дийнахь герз карахь долчу полицино бихкинера, Лукцунь-гIала боьду некъ. Цигахь тасадаларш хиллера уйгурийн а, ханьцхойн а, бохуш.

Къъаьмнаш ца тарлуш, хаьлха а девнаш дийлина цу кIоштахь. Уйгураша Китайн Iедалш бехке до, цара шаьш шайн дайн латтанашна тIера дIа лоьхкуш, цигахь баха ханьцхой ховшорна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG