ТIекхочийла долу линкаш

Обама: «Нелсона деган йовхо еллера дерриг дуьненна а»


Къилба Африкехь визит дIахьуш волчу Iамеркан президенто Обама Барака дIахьедар дина, дегIан чкъор бахьанехь ечу дискриминацица къийсам латтийначу «Нелсон Манделас деган йовхо еллера дерриг дуьненна а», аьлла.

Къилба Африкан президентца Зума Джейкобца дагадовлраш чекхдевллачул тIаьхьа, Преторехь дира Обамас и шен дIахьедар. Президента Зумас бахарехь, «Обама а, Мандела а историно уьйр тесна ву, шайн-шайн пачхьалкхийн дуьххьарлера Iаьржа президенташ а хIиттина. Оцу кепара, Африкера миллионаш нехан а, диаспорера Iаьржачу нехан а дегайовхонаш айъина царшимма».

Къилба Африкан президент лаьттина волу Нелсон Мандела хIинца а ву чIагIвеллачу хьолехь Преторечу дарбан хIусамехь.

Нобелан машаран совгIатан лауреат, 94 шо долу Нелсон Мандела, хIокху беттан юьххьехь кхаьчнера дарбан цIийне, пехий цамгар карзахъялар бахьанехь. Даханчу кIиран дийнахь чIагIвелла ву иза.
XS
SM
MD
LG