ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташкахь тов лаьтта хIокху деношкахь


ХIокху дуьнентIехь температурина хьесапдан долийчхьана дуьйна, дуьххьара оццул лакхаяла тарло температура боху, хенан хIттаман говзанчаша. Аризона штатан коьртачу Феникс-гIалахь пIераскан дийнахь 47 градус йовхо лаьттира.

Калифорнера Валаран АтагIа олучу меттигехь 51 градус йовхо яра. Оршот де тIекхаччалц иштта дохделла латта мега хIуо-хIаваъ, аьлла говзанчаша. Iедалш сагатдеш ду, оцу йовхонехь кеманаш ца леладаларна. Кеманна хьалагIатта хала хуьлу, хIуо-хIаваъ шовзткъе ворхIаннал дохделча. Делахь а, дукхах долу кеманаш тIема довлало, 52 градус йовхонехь а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG