ТIекхочийла долу линкаш

Мурсин Iедал дIатесна веа министро



Мисаран министрийн кабинетерчу веа стага шайн лаамехь даржаш дитина президентна Мурси Мохьаммадна дуьхьал махкахь протестан гуламаш шорбала буьйлабаларца доьзна. Туризман а, Ιалам Ιалашдаран а, зΙенийн технологийн а, бакъонийн тергояран а министрш бу уьш. Шорлуш ду Мисарахь нехан резадацар. КΙирандийнахь гуламхоша ягийна Мурси декъашхо волчу «Бусулба Вежарий» олучу партин коьрта хΙусам. Протестан боламашкахь велла 16 вахархо.

Миллионашкахь бара кΙирандийнахь КΙахΙиран урамашка бевлла нах. Гуламхой реза бац «Бусулба Вежарий» партин векалш Ιедалехь тΙех дукха баржарна.
XS
SM
MD
LG