ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пхеньян реза хила еза зарратан герз дита



Къилбаседа Корей зарратан герзаш юхадахар дийцаре дечу гуламе кхойкху Ιамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн пачхьалкхан секретара Керри Джона. Брунейхь, Къилба-Малхбален Ассоциацин (АСЕАН) кхеташонехь оршотдийнахь ша Китайн арахьарчу гΙуллакхийн министрца И Ванца динчу къамелехь цо элира, Пхеньян кхета еза и тайпа дийцарш шена мел чΙогΙа хьашт ду.

Шинарийдийнахь Керри цхьанакхетар ву Оьрсийчоьнан дипломатийн куьйгалхочуьнца Лавров Сергейца. Къамел Шемарчу кризисах а, Москох лечкъина Ιачу Ιамеркан къайленаш Ιораяьхна волу Сноуден Эдвард Штатийн караваларх а лаьцна хила тарло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG