ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сноуден реза ца хилла Путина хьоьхучу некъана



Ιамеркан къайлахчу сервисан болх Ιора а баьккхина, веддачу Сноуден Эдварда юхаэцна ша Оьрсийчоьне тховкΙело йоьхуш дина дехар. Оршотдийнахь Путина Владимиран пресс-секретара Песков Дмитрийс, Сноуденна Оьрсийчоьно тховкΙело яла тарло, нагахь санна цо цуьнца хьошаллехь йолу Ιамерка гезъяхар даиманенна а дитахь, элира.

Песковс дийцарехь, 15 пачхьалкхе шена тховкΙело ехна дуьненан бахархоша телефонехула, интернетехула дечу къамелашка Штаташа ладоьгΙу аларна, Обаман Ιедало зуламхойн могΙара хΙоттийначу Сноудена. Амма цкъачунна и дехар кхочушдан хΙоьттина пачхьалкх яц.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG