ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Умаров Доккас Сочерчу олимпиадана дуьхьало яре кхойкху шен ницкъаш



Ша кхелхина бохуш тΙаьххьарчу беттанашкахь даржадеш хилла эладитанаш дижош, ши видеогайтам баржийна кху деношкахь Кавказ-Имаратан лидера Умаров Доккас.

Хьалхарчуьнца цо кадамбо дахначу Ιай-бΙаьста эгначу гΙаттамхойх.

ШолгΙачунна тΙехь юхадоккху, Оьрсийчохь шен агΙоне тΙемаш ца бойтуш, ша стохка дина хилла омра. Цуьнан бахьана ду, боху Умаровс, оьрсашна Кавказ-Имарато, кхера а елла, дуьхьалонан болам лагΙбина моттар а, Кремло Кавказехь цΙий Ιенор жигарадаккхар а.

Уггаре коьрта тΙеман объект ю аьлла, дΙакхайкхош ю Умаровс Сочера олимпиада а, цуьнан декъехь Казанехь хир долу ловзарш а. "Ас кхайкхам бо хIора а муджахIиде, иза стенггахь а велахь а, ГIезалойчохь, Башкортостонехь я Кавказан лаьттатIехь, берриг а ницкъ и вайн дайн даьIахкаш тIехь хIиттош долчу иблисан ловзарш юкъахдахарна тIехьажабе!" - боху гIаттамхойн лидеро.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG