ТIекхочийла долу линкаш

Юха а серло йоцуш йитина нохчийн ярташ



РогΙехь электросерло йоцуш йисина Нохчийчуьра цхьамогΙа ярташ. Тоькан серий хедарца доьзна бода хΙоьттина Веданан кΙоштарчу 16 эзар сов вахархочунна. Болх юкъахбаьлла 6 дарбан цΙийнан. Кест-кеста нисло иштаниг махкахь. 115 эзар вахархо Ιийра дийнахь-буса серло яларе сатуьйсуш Соьлж-ГΙаларчу Старопромыслан кΙоштахь иттех де хьалха а.
XS
SM
MD
LG