ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мурси Мансурах хийци мисархоша





Мансур Ιадли, мехкан конституцин кхелан хьалханча ханна президентан дарже хΙоттийна Мисарахь. Мурси Мохьаммад президентан даржах а воккхуш, хьал иштта дерзийнарш ду цигара эскарш. Мансура шена тажтуьллуш динчу къамелехь хастийра эскарш а, гуламашка бийлина нах а. Мурсин «Бусулба Вежарий» парти а халкъан дакъа ду, цунна лаьара къам дикачу хьоле даккха, амма гΙуллакх ца хилла, элира Мансура.

Оцу юкъанна хаамийн гΙирсаша дуьйцу, прокуратурано лаца кхайкхийна оцу партин ши хьалханча, бохуш. Кхаарий дийнахь эскарийн коьртачу инарлас ал-Сисси Ιабдул-Фаттахьа дΙакхайкхийра, Мурси юстах ца ваьккхича ца долура, халкъан хьашташ цо кхочуш цадора, аьлла.

ХΙинца керлачу конституцина бух биллар а, президентан харжамаш кечбар а ду Мансур Ιадлина тΙехь. Цхьаболчу хаамашца, лаьцна ву Мурси Мохьаммад а, цуьнан гонера массех хьакамаш а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG