ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мисарарчу карчаман мах хадош ду дуьне





Мисарахь хилла карчам кеп-кепара тΙеэцна дуьнено. Эскарша бинчу карчамо сагатдо Цхьаьнатоьхначу Штатийн президентан Барак Обамин - Вашингтоно сатуьйсу Мисарахь демократин къепе сихха меттахΙоттаре, элира цо еарий дийнахь.

Ингалсенан премьер-министра Кемерон Дэвида шен пачхьалкх дуьхьал ю политикана юкъа эскарш гΙертарна, Мисарахь шена бакъо лелаш хуьлийла лаьа, бохура цо.

Цхьанакхеттачу Къаьмнийн Организацин инарла секретара Ги Мун Пана собаре а, кхетамалле а кхайкху мисархой.

Европан арахьарчу политикан декъан куьйгалхочо Эштон Кетринас, Европан лаам бу Мисарара массо а агΙонаш сихха демократин некъа тΙе юхабоьрзийла, боху.

Ткъа Германин арахьарчу гΙуллакхийн министра Вестервелле Гидос хилларг Мисара демократин ларда тΙераялар ду, аьлла даржийна.

Оьрсийнчоьнан Кремло а боху агΙонаш собаре а, цΙийн Ιанарх ларлуш а хила еза.

Шемара Башаран Ιедал реза ду карчамна.

Шен ойла йовзийтанза йисина Израил.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG