ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Боливин президентан кеман чохь Сноуден ма лоьхийла!





Москохара цΙавоьдуш хиллачу Боливин президентан кема, цу тΙехь Ιамеркара ведда къайлахчу сервисехь болх бина Сноуден Эдвард лохуш сацорна Оьрсийчоьно бехкбаьккхина Францига а, Испанига а, Португалига а. Австрехь лаамза дуккха а сахьташ а даьхна бен шен махка дΙавоьдийла цахилира Боливин президентан Моралес Эвон кхаарий дийнахь. Оьрсийчоьн арахьарчу гΙуллакхийн министрна хетарехь, Боливига шен ларам бацар ду Европан Берто гайтинарг.

Къилба Америкерчу 12 пачхьалкхо емалйо Цхьанатоьхна Штаташ Боливин президентан кема сацорна. Барак Обамас юха а хаийтина, Сноуденна тховкΙело еллачу пачхьалкхана и гΙуллакх хьовзаме дер дуйла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG