ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхин а цхьа "нохчийн" дов листина Еврокхело



Европан кхело Оьрсийчоь бехке йина 2000-чу шарахь Теркйистерчу Галнера вахархо Байсултанов Беслан доьза варна. Паспорташка хьовсу аьлла, сатоссуш баьхкинчу ницкъхоша виггарха доьза вайна ву иза. Юьхьанца полицино иза шен карахь а ву, 6 автоматах хуьйцур а ву, баьхна, ткъа тΙаьхьо «Малхбузе» олучу тΙеман декъан каравахана. ТΙаьххьара цунах хилларг хууш дац.

Еврокхело Байсултановн доьзална 60 эзар евро дала декхаре йина Оьрсийчоь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG