ТIекхочийла долу линкаш

Мурсигахьа болучийн гуламаш лаьтта Мисарахь



Карчамца президентан даржах ваьккхинчу Мурси Мохьаммадан агΙончийн гуламаш хΙиттира Мисарахь пΙераскандийнахь. Мурси вохийначу эскарийн куьйгалло, маршо ю халкъана хетарг олуш гулдала, амма къепе талхош хилахь, юкъабоккхур бу ша ницкъ, элира. Диъ де ду президент вохор ца тайначийн протесташ лаьтта.

Ханна президентан декхарш кхочуш дан тΙечΙагΙвина Мисарахь мехкан конституцин кхелан куьйгалхо Мансур Ιадли.

Исламна тΙетевжаш болчу Мурсин «Бусулба вежарий» боламо тΙом болу кхерам латтабо Мисарахь. Оцу бахьанийца сема кхобу эскарш, къевлина ду мехкан дозанаш. Палестинан агΙор долчу дозанна гергахь резабоцчийн ницкъаша вийна Мисаран цхьа эскархо, шиъ лазийна Мурси вохийначул тΙаьхьа.
XS
SM
MD
LG