ТIекхочийла долу линкаш

Венесуэле кхойкху Сноуден Эдварде



Венесуэлин президента Мадуро Николаса ша тховкΙело яла кийча ву, Ιамеркан къайленаш Ιора а яьхна, веддачу Сноуден Эдвардна аьлла. Ша иза до, Сноуден Штаташа бехказа бехке веш хиларна, бохура Мадурос.

Никарагуан президент Ортега Даниэл а кийча ву Сноуден шайн махка вита. Амма «нагахь санна хьашт долу хьелаш нислахь», аьлла тΙе а тоьхна Ортегас, ткъа ца хаийтина ша дуьйцург билггал хΙун хьелаш ду.

Шегара паспорт Цхьаьнатоьхначу Штаташа бакъонера даккхарна, Москох Шереметьево аэропортера дΙасавала йиш йоцуш висина Сноуден. Иттех сов пачхьалкхо хаийтина шаьш цунна тховкъело лур йоцийла. Кхин а ша дехар динчу 6 махкара жоп лардеш Ιа Сноуден.
XS
SM
MD
LG